«Раиса Сайтмурадован дахар а, кхолларалла а»
Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа, а евзаш яра. Ахматова Раиса йина1928 шеран 30 декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Солтмурдан доьзалехь. Солтмурда деникинцашна дуьхьал латтийнчу къисамехь дакъалаьцна. Соьлжа-ГIалахь лаьттинчу бIединан тIамехь, а хилла иза. Раисин дай ШаIмин-Юьртара схьабевлла. Кхелхина бахна, цхьана муьрехь Закан-Юьртахь, а Iийна АхматовагIеран доьзал. Цигахь яхна Ахматова Раиса хьалхарчу классе деша. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин 2-чу школехь дешна цо. Жимчохь дуьйна исбаьхьаллин даше ойла лаьтташ, книгаш еша лууш хилла иза. Школехь дуьйна, а дукха езаш хилла цунна исбаьхьаллин литература. Къаьсттина дукха ешна А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн произведенеш.
Сведения предоставлены организацией МБУ «ЦБС Ножай-Юртовского муниципального района» и опубликованы
автоматически. Администрация портала «Культура.РФ» не несет ответственности за предоставленный материал, а также за действия Организатора и/или иных лиц, действующих от его имени и по его поручению либо от своего имени, но по поручению Организатора, в том числе в связи с реализацией такими лицами билетов, а равно за организацию, проведение и содержание Мероприятия.
Указанная ссылка на источник реализации билета размещена непосредственно Организатором мероприятия и носит информационный характер.
Для размещения информации в этом разделе зарегистрируйтесь в личном кабинете учреждения культуры.